«Стела1ад»
27.04.2026Оханан беттан ткъе ворх1алг1ачу дийнахь, 5-чу классехь, нохчийн литература урокехь, Новразов Юсупан Матас довзийтира дешархошна «Стела1ад» журнал. Берийн журнал «СтелаIад» арадолу 1986 шарахь дуьйна Журнал диллинарнг: Нохчийн Республикин къаьмнийн политикан, арахьарчу з1енийн, зорбанан, хаамийн министерство.
«Стела1ад» журналах мехала пайда эца мегар ду х1ора а дешархочо. Берийн иллеш, байташ, тайп-тайпана самукъане дийцарш,шортта х1ума ду оцу журнала т1ехь зорбане долуш. Дешархоша тидамца ладуг1ура цаьрга.