Семинар

03.03.2023

Чилланан беттан 22 дийнахь 26-чу школехь нохчийн меттан, литературин хьехархочо Хамзатханова Милана Ханибовнас д1айаьхьира практически семинар "Оха цхьаьна бо ПКЭ-на кечам". Семинарехь дакъалоцуш бара 9-чу классан дешархой а, церан наной а, хьехархой а.

Нохчийн меттан хьехархо Бораева Тоита Кахимовна а йара оцу семинарехь дакъалоцуш. "Ала деза, хьехархочунна шен болх дика бевзаш хилар, дешархой кхетош, ПКЭ-х уьш нийса кхетор - цуьнан коьрта 1алашо хилар. Гуш дара хьехархочо хьегна къа эрна цахилар",- иштта дуьйцура Тоита Кахимовнас. Практически семинарехь жигара дакъалецира 9-чу классан дешархоша. Схьагучу суьрто гойтура уьш дика кхетта хилар шайна т1едиллинчу декхарх. Шайн наноша бечу балхе а хьовсуш, оьшучохь наношна г1о дора цара.Дала т1аьхье беркате йойла!