Нохчийн меттан

26.04.2022

Нохчийн меттан Денна лерина цхьаьнакхетар д1адаьхьира ворх1алг1ачу классашна йукьахь 21_чу апрелехь. "Ловзар_Къийсам" ц1е йолчу оцу цхьаьнакхетарехь дешархоша дийцира ненан меттан хазаллех, иза хьалдолуш хиларх, къоман дахаран хазна хилар.Дешархой шина тобане бекъа а белла, д1аболийра шайн къовсам. Программина йукъадог1у хаттарш дара халкъан тидамех, х1етал_металех, кицанех, нохчийн маттах хастаме дешнех. "Барт"а, "Машар"а ц1е йолчу тобанаша д1айийшира стихаш, лекхира нохчийн эшарш, гайтира халкъан хелхарш. Тергамхоша мах хадийра. "Машар" тобано 1_ра меттиг йаьккхира. Х1окху цхьаьнакхетаран коьрта 1алашо_нохчийн матте лерам, иза 1амор, бовзар. Нохчийн меттан а, литературан а хьехархо Бораева Тоита Кахимовна.